. Внеклассное мероприятие "Ненан мотт - г1иллакх оьздангаллин бух".
Внеклассное мероприятие "Ненан мотт - г1иллакх оьздангаллин бух".

Внеклассное мероприятие "Ненан мотт - г1иллакх оьздангаллин бух".

Де дика дойла шун, лераме хьехархой, хьомсара дешархой!

Ас даггара декъалдо шу нохчийн меттан Денца! Х I окху дийнахь вай хьакъболу лерам бо ненан меттан, иза нохчийн халкъан уггаре мехала хазна хиларна а, къоман шатайпаналла ларъяран г I ортор иза хиларна а.

Тахана вай д I ахьур ду Нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт – г I иллакх – оьздангаллин бух» ц I е йолу цхьаьнакхетар.

Тайп - тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара.

Цу сатийсинчеран дегнаш хьостуш указ ду вайна х1инца схьагушдерг.

25-г1а апрель – нохчийн къоман силсилехь (исторехь) дезачу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина.

Вайн ненан мотт - иза нохчийн мотт бу. 25-г1а апрель – Ненан меттан деза де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша.

Вайн массеран ц1арах Дела реза хуьлда царна!

Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо!

Нохчийн Республикан Президентан

11.05. 2007 ш. Соьлжа – г1ала № 207

Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца:

«Нохчийн республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де - Нохчийн меттан де д1акхайкхо.

Х1ара указ бакъонан ницкъ болуш ду зорбатоьхначу дийнахь дуьйна.

Нохчийн Республикан Президент Р.А.Кадыров.

Тахана вай вовшахкхетар цу денна лерина ду, нохчийн меттан сий-лерам беш, хазахетарца дуьйцур ду вай буьцучу , мерзачу нохчийн маттах лаьцна. Х1унда аьлча, мотт-къоман кхоллам а, делера ни1мат долу дела.

Дала хастам бина девр дац вай цо деллачу даккхий ни1маташна: ган-б1аьрг, хаза-лерг, ойлаян-корта, лела-когаш, г1уллакх дан-куьйгаш, уьш х1ора а ша хила езачу меттехь а нисъеш.

Царах уггар доккха ни1мат ду – мотт балар! Ма доккха ни1мат ду и.

Мотт карчарца аз долуш, цу озах дош кхоллалуш буьйцуш болу мотт бацахьара адам дан а дацаркх.

Ма тидам ца бо вай цуьнан! Ма тидам ца бо!

Дала кхоьллина долу вай а, дуьне довзаран 1илманаш а хир дацара мотт бацахьара. Дала вайна делла и ни1мат деза ду вайна тахна.

1илманчаша тахана дуьненахь ду боху 3 эзар сов меттанаш. Царна юкъахь уггар мерза, хьал долчех цхьаъ вайн Нохчийн мотт бу.

Къаьхьа хуьлий – дог лахьош, довха хуьлий – ц1е латош, ира хуьлий – г1ала еш, д1аьвше хуьлий – х1аллаквеш, къонах хуьлий – лар хьо веш, мостаг1 хуьлий – човхавеш. Бехийла ненан мотт!

Маьлхан дуьне къагадеш, баланех вай лар а деш, массо бер а ирсе деш!

Бехийла вайн ненан мотт!

Ненан маттахь илли ала, ненан маттахь ала дош, Везчу Дала совг1ат дина белла вайна нохчийн мотт.

Сценка «Нохчийн матто бехк баккхар» (дешархой)

«Х1ай, сан къам, ма ч1ог1а хердели-кх хьо сох. Вала да воцуш бара со, йийца нана йоцуш бу со, вовшашка бийца юьхьк1ам боцуш бу те со?

Ма ч1ог1а дезаш т1еийцира ас шу, Дала шуна д1а а белла, шух къам дича.

Нохчийн къам со-м хьан бух бай, со-м хьан сий дай. Ларахь со! Ас тоьшалла до хьуна ас эзарза лорур ма ду хьо!

Х1ай, нана, нохчийн к1ентан а, йоь1ан а, нана! Со х1унда иэби ахь кхидолчу къаьмнийн меттанех, амалех, ойланех? Суна ма лаьа, со иэбина а боцуш, хьаьъна, шовда санна, ц1ена хила. Бийцахь со доьзале, бере, аганан г1овла лаций йовзийтахь хьайн берана сан хазалла, сан к1орге, бийцахь со бовха кхача а кечбина стоьлана го а бина хьайн бераш охьаховшийча.»

«Сан дайша бийцина, мерза нохчийн мотт, сайн берашна кхин а меттанаш 1амийта ма лаьа сунна, уьш хьекъале а, ирсе а кхуьуьйла ма лаьа сунна.»

«Кхуьур ду хьуна хьан бераш кхидолу меттанаш довза а, 1амо а.

Амма бераллехь сох марзо ца оьцуш, цхьа зама д1аяьлча, со шайх хербелча, хирий техьа сох шуна Ненан мотт ?

Ойла ехьа, цуьнан, лераме Нохчийн нана ! Ойла ехьа.»

Кхузахь ала лаьа суна Ахьмад Сулейманов дешнашца

«Воккха ве со хьуна хуучу

Кхечу къаьмнийн меттанех,

Хьайниг бицбеш, 1амо дезна

Уьш хьуна ца моьттинехь!»

Нохчех нохчо вийриг – уггар хьалха нохчийн мотт бу.

Мотт, Къам, Мохк – суна уьш къасто ца лаьа я хаа а ца хаьа, х1унда аьлча, мотт – иза къам ду, мотт д1абалар – къам д1адалар ду, ткъа къам д1адаьлча махках х1ун до?

Юха а Сулейманов Ахьмадан дешнашна т1е доьлху вай: «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохкий, Моттий, Халккъий.»

И кхо х1ума вовшех ца далийта къа хьегна а, хьоьгуш а бу вайн сийлахь культуран векалш.

Вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцу къоман а,дуьненан а культуро.Ша дешна а,г1иллакх-оьздангалла йолуш стаг ву ала йиш яц цхьаннан а,нагахь культура евзаш а,езаш а иза вацахь.Х1унда аьлча ,иза вайн синан кхача хилла лаьтташ ю,цуо вай ийманехь,оьздангаллехь совдоху шорбо вайн кхетам,нах беза а,къинхетаме хила а 1амадо.

Культура бохучу дешан шуьйра маь1на ду. Цуо юкъалоцу къоман 1ер-дахар, барта кхолларалла, г1ирсаш,духарш, герзаш,къоман истори,мотт .Цул сов, культурина юкъайог1у искусство а, литература а.

Дуккха а нах бу нохчийн культура кхиорехь къахьегна

а, тахана къахьоьгуш а, шайх доккха масал эца мегар долуш.

Презентаци «Культуран сийлахь векалш» (гайтар).

Дуьненан уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу.

Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу.

Дуьненахь дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Дала.

Веза Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вайна нохчийн сибат.

Цо елла вайна нохчийн амал.

Цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ.

Сценка «Бешто» (С.Бадуев) (10 кл. дешархой)

Цо белла вайна нохчийн мотт!

Хьо винчу, х1ара дерриг а Дуьне хьуна совг1атна деллачу,

хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ – х1ун

хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?

Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад – Хьаьжас…

Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев Саь I ида, Саидов Билала, Айдамиров Абузара, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев I арбис, Джамалханов Зайндис, Дикаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев I абдулхьамида, Цуруев Шарипа иштта д1а дуккха а кхечара а.

Нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1еюьзна Дешериев Юнуса, Алироев Ибрех1има, Джамалханов Зайндис, Чокаев Катис и.д1.кх. Цара дуккха а шерашкахь хьанала къахьегна вайна вешан ненан меттан хьостанаш довзуьйтуш, мотт кхиош, марзбеш.

Нохчийн мотт даггара хестийна Кавказан этнографа П.К.Услара, вайн матте дозаллица ладег1на М.Ю.Лермонтовс, Л.Н.Толстойс…

Оьрсийн гоьваьллачу яздархочо Л.Н. Толстойс иштта хастаме дош аьлла вайн маттах: «Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна кхоччуш дика хууш белахь».

Маттаца дозаделла ду х1ора къоман г1иллакх-оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а. Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, ю вайн историн лараш а.

Сценка « Генарчу денойн туьйра» Амаев Ваха-Хьаьжа (10 кл. дешархой)

Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х I ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт I амош а, хууш а хила веза. I амадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа хьалха шайн ненан мотт I амабай, оцу маттахь яздан а, деша а I амадай…».

Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала? Аганан иллица, ненан матах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла.

Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам. Оцу хьокъехь ю Айдамиров Абузаран « Ненан мотт » ц1е йолу байт.

Абузар Айдамиров, стих. «Ненан мотт» (Баймурзаев Иса, 6 а кл)

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг, Вина мохк, нанас сан хьестар. Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам.

Б1ешерийн дохаллехь те1ош

Г1елонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко парг1ато елла,

Ирсан не1 йиллина хьуна.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна - Даймахкана кхайкхабеш хастам.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ире, Машар кхайкхош.

Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли.

Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.

Эвлаяа Соип – моллас меттанаш хаарх лаьцна аьлла боху: « I аьрбийн мотт I амабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, г I иллакхан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш – шайх хила доллург х I ун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт I амабелаш – бахаман мотт бу шуна иза (язык экономики)».

Муса Ахмадов «Зудаялор» (10 кл. дешархой)

Муьлхха а яздархочуьн юьхь, пох1ма билгалдоккхуш цхьаъ я масех говзар хуьлу. Масала, Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» стихотворени, Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» я «Ц1ен-берд», иштта кхиболчийн а. Уьш цу яздархойн уггаре тоьллачех, церан ц1е халкъалахь яржийнарш ю. Ишттачех ю Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени.

Шайхи Арсанукаев, стих. «Ненан мотт» (Ганиева Карина, 10 кл.)

Доьзалехь бийцар а

Хьо винчу ненан мотт

«Сов къен бу дешнашна,

Бац атта кхеташ», -

Бохуш и сийсазбан

Ладог1а цкъа соьга,

Ладог1а, яккхий д1а

Йист йоцу х1орд санна,

Ша хууш волчунна

Вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу

Безам ахь буьйцуш, -

Бека и шех хуьлий

Хьан деган мерз!

Мерза бу, моз санна,

Лермонтовс, Толстойс а

Б1ешераш хийла а

Сов хьанал безаш

Даим а ша хилла

Нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш,

Шуьйра некъ белла,

Тахана вай ирсехьа

Г1улч туьйсуш ду.

Вайн дегнаш г1иттадеш,

Нохчийн мотт бу.

Нохчашна шайн мотт а

Нагахь хьо ца ваг1ахь

Ненан маттал хаза а, сийлахь а х I ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала , массо а аг I ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

Доттаг I чуьнга – мерза,

Мостаг I уьнга – буьрса,

Масла I атана – к I еда,

Амма кхетам к I еззиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара I амо а, бийца а хала хиларна т I етоьтту шайн ледарло .

Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д I алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.

Билал Саидов, стих.«Ненан мотт» (Мадаева Сацита, 10 кл)

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина.

«Хьайна безахь», - бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

Хьо бийца 1емар вац

Дагна хьо цабезарг.

Юьхь к1айн а лелар вац

Хьо бийца цахуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

Хьуо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьуо хууш волчунна

Жовх1арийн х I онс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.

Хьайн хазнех кхиъначун

Вахарехь ирс ду хьо,

Д1атесна некъ бу хьо.

Ойла хьайца ечун

Бух боцу х1орд бу хьо,

Кхин толош волчунна

Совбаьлла г1ирс бу хьо.

Сан ч1ог1а дог лозу

Хьо ца хууш волчух,

Амма эхь ца хета

1амо ца г1ертачух.

Суна сайн ца хета

Ненан мотт бицбинарг,

Б1аьрга ван ца веза

Кхечух и хийцинарг.

Хьо ца безаш волчо

Шен нана лорур яц,

Ненан сий ца дечо

Мехкан сий лардийр дац,

Ненан мотт цахаар

Шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар

Маьттаза вахар ду.

Дагах чекх ов доккхуш,

И дог малхах тардеш,

Хьо сирла бийцало.

Харцонан некъ хадош

Буьрса аз ду хьоьца,

Бакъонна некъ боккхуш

Хьехаме хьо буьйцу.

Суна хьох къахета,

Хьайн куьцах бохийна,

Мерза чам талхийча.

Чов хуьлу сан дагна,

Доггах ца безачо,

Шен г1алат дицдина,

Хьайн ненан мотт хаахь,

Ас дозалла до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам бо хьуна.

Цунах ма херлолахь,

Ненан мотт хьайн бацахь,

Байлахь вуй хаалахь!

Нохчийн къам шен амалх ца дохийта уггаре а хьалха оьшу г I иллакхаш, ламасташ, I адаташ, ненан мотт ларбар, кхиор.

Оцу I алашонца дуккха а къахьегна вайн махкахь дика вевзаш волчу I илманчас Джамалханов Зайндис.

Вайн мотт оьзда, чомехь бийцар хьахаделлачохь масална валаво Джамалханов Зайнди. Цуьнан матте ладог I аза стаг к I еззиг хир ву вайн махкахь. «Нохчийн йозанан устазах» лаьцна хьакъдолу дешнаш карийна халкъан поэтана Хатуев I абдулхьамидана.

I абдулхьамид Хатуев, стих. «Нохчийн мотт (Ашаханова Даяна, 5 кл.)

📎📎📎📎📎📎📎📎📎📎