. Доклад "Школехь ши мотт бийцар я иэелла «билингвизм»."
Доклад "Школехь ши мотт бийцар я иэелла «билингвизм»."

Доклад "Школехь ши мотт бийцар я иэелла «билингвизм»."

Суна, со хьехархо ю аьлла а доцуш, даима сийлахь ц1е хетта хьехархо бохург. Соьга хаьттича, хьехархо санна, хьанала рицкъа доккхуш белхало хир а вац, ша цуьнга нийсса вацахь. Уггаре хала делахь а, хьанала дукъ ду хьехархошна т1ехь. Шена хьалха нислучу, жима-воккха башхалла йоцуш, х1ора дешархочун шен шен дуьне кхуллу хьехархочо. И »Дуьне» цо кхуллу шен говзачу маттаца, дашца. Мотт х1ора халкъан юьхь, цуьнан истори, синхаамийн философи, исбаьхьа хазна, сий ду.

Дуьненчохь мел долу 1илманаш вайн махкахь схьагулдича а, церан ницкъ кхочур бацар-кх вай къоман 1адатийн, г1иллакхийн, ламастийн, культуран ша тайпа йолчу башхаллин хазна яста, гайта, цунах дийца, талла, 1амо. Оьздачу, ц1еначу, мерзачу, хьан сина гергарчу ненан маттахь иза дуьйцуш, яздеш, толлуш ца хилча. Цунах кхеташ, шайн хьекъал а, са а, дег1 а ненан маттана, Даймахкана ца кхоош, доьналлица халонех чекхбийлина яхь йолу нохчийн оьзда к1ентий, мехкарий…

Дала вайн къомана деллачу ни1матех доккха ни1мат хета суна «къа+мел» боху дош. Къамел ц1ена, доцца, амма к1орггера маь1на долуш деш хилла вайн баккхийчара, къаноша, хьекъалан дайша. Уьш массо а ц1ера «бераллера» бу. Хууш ма хиллара - «Жимчохь 1емина х1ума, т1улга т1е яздина йоза ду. Тахана вайн школашкара дешархойн къамел шина матта юккъехь дисина.

Вайн республикехь хила дезачу т1ег1ан т1ехь шина маттахь хьехар ч1ог1а ира лаьтташ дара даима а. Ткъа х1инца ФГОС юкъаялорца муххале а коьрта ду иза. Россехь дукха хенахь дуьйна «ши мотт бийцар» (двуязычие) термин яра, х1инца цунах «билингвизм» олу. Иштта 1илманчас Щербас шина декъе йоькъу билингвизм: 1) ц1ена билингвизм; 2) иэелла билингвизм. Иэеллачу «билингвизмо» къамелан культура, цуьнан хат1 дохадо. Вайн дешархойн къамел дукха хьолахь иштта деш хеза. Масала: «- вайна по математике какой номер елла? - номер двести шесть, последний ши пример, кто не сделает, подряд двойкаш ставить дийр ду аьлла». Мотт иэрча баьккхина ца 1аш, билггал цхьа мотт (нохчийн я оьрсийн) ца хууш буьсу вайн дешархой.

Шен ненан мотт ц1ена а буьйцуш, иза 1алашбаран меттана, кхечу къаьмнийн меттанашкара дешнаш юкъадалош, иза талхош берш беламе бохуш, язйо макаронически байташ. Ишттачарех ю Гайтукаева Банин «Вайн заманан нохчийн мотт» стихотворени.

Суьйре ю цхьа тийна, дерриг дицделла

Йо1 тийна, к1ант ларвеш, паркерчу г1ентахь.

Эххар схьахеза: «Приветик, Лена,

Дукха хан юй ахь ждать до? Прости, если тарлахь».

-Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу,

Примерно, цхьа-ши сахьт сов время ю.Ф

А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш,

Это не в первый раз, хьо-м иштта ву!

-Ну что ты, Леночка, цхьаъ 1оттаделла,

Со т1аьхьа висарх, со къера ву.

Елалой хилахьа, хьо грустный хилча,

Вай даха я прямо с ума схожу.

-Ну ладно, что б это т1аьххьара было,

И,кстати, сегодня вайн праздник ду.

Ой,чуть не забыла, хьо декъала хуьлда,

Тахана вай девзина шо дузуш ду.

-Баркалла. Я тоже… Хьо а декъал хуьлда.

Х1ара вечер а шатайпа прекрасный ю.

Ты знаешь, сан даг чохь радость ловзу,

Понятно, хьомениг, хьо соьца ю.

-Мне тоже порою кажется иштта,

Ты рядом- а значит, со ирсе ю,

Х1ора ночь седанах со дагаюьйлу.

Цо суна схьаоьхьург твой образ ду.

-Эх был бы я поэтом сегодня, Лена,

Есенин хьагош, стих писать тебе.

Талант яц соьгахь, х1ун дер т1аккха,

Цундела в кино я тебя поведу.

Вайн дахарехь, и санна долу масалш хийла а нисло. Дала лардойла вай ненан маттана инкарло ярах. Цуьнан ойла ас гуттар а йо.

Къоман мотт безар а, хаар а, ц1ена бийцар а, Мехкан маршо ларъяран ондда цхьа дакъа хилар гойту х1окху дешнаша:

Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато, цхьаммо а хьошур яц. ( М.Мамакаев).

Цундела, йист йист йоцу х1орд санна болу вайн мотт дешархошна шарбан, къамелан культура кхио, иэелла билингвизм ц1анъян, некъаш каро деза вайна. Дешархойн хаарийн дикалла тоярна а, 1амор кхетамца карадерзорна а, церан кхоллараллин ойла к1аргъярна а, г1о деш карайо тайп-тайпана методаш а, г1ирсаш а. Коьртаниг, царах нийса пайда эца хаар ду. Берана мотт 1амош х1ора дешан маь1на даста деза. Масала: комаьрша, Даймохк (щедрый, Родина). Муха кхолладелла и дешнаш? «Комаьрша» шина дашах лаьтташ ду: ка+маьрша. Ас берана дуьйцу «ка», «куьг» синонимаш хилар. «Маьрша»-свободный, открытый. Кхузара жам1 до: комаьрша-открытая, свободная рука (щедрая). Изза болх Даймохк бохучу дешан т1ехь а бо. Дустаран маь1наш литературехь а даладо. Масала: Айдамиров Абузаран стихотворени йоьшу:

Беза хьо, Нана-мохк, Дай баьхна латта.

Х1оьца ду сан ирс а, ас мел ен ойла.

Цуьнца маь1на дог1у М.Ю. Лермонтовн стихотворени:

Как сладкую песню отчизны моей,

Вай дийцина цхьа к1еззиг масалаш, дог1анан т1адамаш санна бен дац, бан безачу балхе хьаьжча. Лараме хьехархой, суна хетарехь, вай вешан ойла а, са а, дог а нохчийн меттан башхаллаш, кхечу къаьмнийн дешнашца йолу уьйраш лохуш, дешнаш кхолладаларан билгалонаш къастош, толлуш, т1едерзадахь вай лакхахь йийцинчу «билингвизман» ч1ог1а мехала хир ду. Сайн къамел дерзо лаьа суна вайн дайша дитинчу весетан дикачу дешнашца: «Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а, нахана хуур дац, нагахь иза дуьйцуш стаг вацахь».

📎📎📎📎📎📎📎📎📎📎